×
New!

Bayan Al Islam Encyclopedia Mobile Application

Get it now!

ТАРАВИХЬ ЛАМАЗ (нохчийн мотт)

Preparation: Адама Султана Олхазар

Description

No Description

Download Book

    ТАРАВИХЬ ЛАМАЗ

    (ТЕРХЬ ЛАМАЗ)

    СОЛАТУТ-ТАРАВИХЬ

    ] Chechen [

    صلاة التراويح

    [اللغة الشيشانية ]

    Адама Султана Олхазар

    ألخزور بن سلطان ‏الشيشاني

    www.dinulislam.com

    Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

    Тарáвúхь ламазан хадам

    Тарáвúхь ламаз – иза къаьсттина мархин баттахь, пхьуьйра ламазал тIаьхьа дуьйна Iуьйра ламазан хан кхаччалц йолчу юкъахь деш долу суннат ламаз ду.

    Тарáвúхь ламазан хьукм

    Тарáвúхь ламаз чIагIдина суннат ду. Иза суннат хилар тIехь массо Iелам-нехан барт хилла а бу.

    Тарáвúхь ламазан дозалла

    Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Рамадан баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш, АллахIа доьхьа цу беттан буьйсанашкахь ламазаш динчунна гечдийр ду цуьнан дIадаханчу къиношна».[1] Кхин а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа парз дина рамадан баттахь марха кхабар, ас суннат дина цу баттахь ламазаш дар. Рамадан бутт бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш, АллахIа доьхьа цу баттахь марханаш кхаьбнарг а, ламазаш динарг а къинойх цIанлур ву, шен нанас ша доьххьара винчу хенахь санна».[2] Оцу хьадисашкахь хьахийна долу «цуьнан буьйсанна ламазаш дар» бохург таравихь ламазаш дича а кхочуш хуьлу, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – доьххьаралера хьадисан маьIна деш ма-аллара.

    Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – кхин а аьлла таравихь ламазех лаьцна: «Имам вáллалц цуьнца (таравихь) ламаз динчунна АллахIа иза яздийр ду цо и буьйса ерриге ламаз деш яьккхича санна».[3]

    Тарáвúхь ламаз жамаIатца а, ша цхьамма а дар

    Таравихь ламаз жамаIатца дар гIолий а, мелехь а, деза а ду, ша цхьамма дечул а, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьайолчу хенахь иза жамаIатца дина долу дела, цул тIаьхьа, Iумара – Дела реза хуьлда цунна – ша халиф волчу заманахь асхьабашка иза жамаIатца дайтина дела, массо асхьабаша хIетахь иза жамаIатца дина а долу дела. Луучо ша цхьамма дича а нийса хуьлуш ду иза, делахь а гIолий дерг а, деза дерг а дитина хуьлу иза ша цхьамма динчо. Цхьаболчу Iелам-наха аьлла: рамадан баттахь маьждиг чохь таравихь ламазаш данне а ца деш дитар мегаш дац.[4]

    Тарáвúхь ламазан хан

    Цуьнан хан пхьуьйра ламаз динчул тIаьхьа дIайолалой, Iуьйра ламазан хан кхаччалц ю.

    Тарáвúхь ламазан ракаIаташ

    Таравихь ламазан ракаIаташ йа бархI ракаIат ду, йа ткъа ракаIат ду. БархI ракаIат хилар деана Iаишас – Дела реза хуьлда цунна – аьллачу дашехь, - «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – буьйсанна деш долу ламазаш сов ца дохура цхьайтта ракаIатал, рамадан баттахь а, йа кхечу беттанашкахь а».[5] Ткъа оцу цхьайтта ракаIат юкъара кхоъ витр ламаз ду, диссина бархI таравихь ламазана ду. Кхин а, Iумаран – Дела реза хуьлда цунна – заманахь, цо асхьабаш таравихь ламаз дан жамаIатехь гулбинчу хенахь, цара а цхьайтта ракаIат динера аьлла деана ду.[6] Кхин а, цара цу хенахь, витр ламаз доцург, ткъа ракаIат таравихь ламазаш динера аьлла деана а ду,[7] цундела иза ткъа ракаIат даран тешалла ду. Цхьаболчу Iелам-наха хIара тIаьххьарниг иснадаца нийса дац аьлла, цхьаболчара нийса ду аьлла, цигара схьа цхьаболчара бархI ракаIат дича гIолий ду аьлла, вукхара ткъа ракаIат дича а дика ду аьлла.

    Тарáвúхь ламазехь доьшу сураташ

    Таравихь ламазехь къаьсттина цхьа сураташ дешар, йа хIоккхул-оццул дешар суннатехь деана дац. Ткъа дукхах болчу Iелам-наха, таравихь ламазашкахь берриге баттахь Къуръан цкъа дешна чекхдаьккхича дика ду аьлла, хIора буьйсанна цхьацца жуз доьшуш. Иза дича дика дерг а, мелехь дерг а ду, луучо кхин а кIеззиг деша а мегаш ду.

    Тарáвúхь ламазан куц

    Таравихь ламазан куц кхидолчу ламазийн куц санна ду.

    Таравихь ламаз дIадолош, азан даран а, къамат даран а меттана «Ассолáту джáмиIахI» эр ду. Цхьаболчу Iелам-наха, иза хIора керла ламаз дIа мел доладо эр ду аьлла, цхьаболчара доьххьара ламаз дIадолош аьлча тоьар ду аьлла. И дешнаш олуш хезча, къаматехь санна, хезаш волчо эр ду: «Ла хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI». «Ассолату джамиIахI» хIора ламазана алар а, цунна жоп луш «Ла хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI» алар а суннатехь къастийна деана а дац, йа ШафиIийн мазхIабера хьалхалерачу Iелам-наха хьахийна а дац, цундела уьш иштта ца олуш Iаддитича а гIалат дац.

    Ниййат дечу хенахь, таравихь ламазана ниййат хила деза, йа рамадан беттан буьйсанна ден ламаз дан аьлла ниййат хила деза, юкъара суннат дан аьлла ниййат дича таравихь ламаз хир дац иза.

    Таравихь ламазехь «Фатихьат» а, цул тIаьхьа доьшу сураташ а чIогIа дешар суннат ду.

    Таравихь ламаз деш хIора шина ракаIатал тIаьхьа салам дала деза, диъ ракаIат цхьана саламца дар нийса дац. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Буьйсанна деш долу ламаз шишша ракаIат ду».[8]

    ХIора ши ламаз дIа мел долу, садаIар дика ду, луучо Къуръан доьшуш, йа зикр деш, йа хьехам беш. Иза иштта дика хилар вайна девза, хьалха-хьалха хиллачу бусалба наха иза деш хилла хиларца. Iелам-наха ма-аллара, цара, шаьш таравихь ламазаш дехха деш хиларна, хIора диъ ракаIат дIа мел-дели садоIуш хилла, ткъа Маккахь болчара хIора диъ ракаIатал тIаьхьа тIаваф деш хилла. «Таравихь» - аьлла оцу ламазан цIе а «тарвúхьахI» - «садаIар» бохучу даш тIера схьа тиллина ю, хIора шина ламаз юкъахь цара садоIуш хилла дела.

    Тарáвúхь ламазал тIаьхьа витр ламаз дар

    Витр ламаз жамаIатца дар суннат дац, мархин баттахь бен. Рамадан баттахь витр ламаз жамаIатца дар суннат ду, таравихь ламазел тIаьхьа деш делахь а, дацахь а.

    Нагахь санна ша Iуьйкъа ламаз дийр делахь, витр ламаз цул тIаьхьа дан тIаьхьататтар гIолий ду, таравихь ламазал тIаьхьа а ца деш, ткъа шена луучо таравихь ламазел тIаьхьа жамаIатца а дийр ду иза.

    Таравихь ламазел тIаьхьа витр ламаз цкъа динчул тIаьхьа, Iуьйкъа ламазал тIаьхьа юха дан мегар дац витр ламаз, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дела: «Цхьана буьйсана чохь ши витр дац».[9]

    [1] Бухари, Муслим.

    [2] Ахьмад, Насаий, Ибн МаджахI.

    [3] Ахьмад, Абу Давуд, Насаий, Ибн МаджахI.

    [4] «ТIорхьут-тасрúб» тIехь Имам Ал-Iирокъийс дийцина иза.

    [5] Бухари, Муслим.

    [6] Малик, СаIид ибн Мансур.

    [7] БайхIакъий.

    [8] Бухари, Муслим.

    [9] Абу Давуд, Тирмизий, Насаий.

    معلومات المادة باللغة العربية